Четверг, 27.11.2025, 13:48Главная | Регистрация | Вход

Форма входа

Категории раздела

Поиск

Статистика


Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Каталог статей
Главная » Статьи » Мои статьи

Мероприятие "Г1иллакх-оьздангалла"

Мероприятие: « Г1иллакх - оьздангалла»

09 октября 2013 года провели на базе  МБОУ ДОД  ЦЮН и Э г.Аргун   мероприятие  на тему: «Г1иллакх – оьздангалла» участвовали  45  воспитанников  центра, директор ЦЮН и Э,  также  все педагоги.

 

По словам организатора педагога  Битиевой Малики Мусаевны такое мероприятие проводится для того, чтобы у детей  воспитывать уважительные отношения к старшим.


Основная цель данного мероприятия - научить  нравственности,  развивать и прививать навыки национальной культуры, этики, поведения хорошего тона с взрослыми.


На мероприятии присутствовали гости: Имамы г.Аргуна –Дибиров Саудди, Сайдаев Расул.

В своем выступлении они говорили:Имам  Дибиров Саудди -  Хууш ма-хиллара, адам Дала  х1окху лаьтта, шен векал дина, дерриге 1аламна дола дан даийтина ду. Цундела адам кхечу 1аламах схьакъастош Дала цунна белла кхетам, вуон а, дика а къасто хьекъал. Иштта, адамашна юкъахь бен хила йиш йоцчу оьздангаллех болу кхетам а белла вайна Дала. Иза Къинхетаме волчу Аллах1а вайх бина боккха къинхетам бу. Массарел хьалха билгалдаккха деза г1иллакх, оьздангалла бохучу шинан дешан маь1на. Г1иллакх – иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Далла ечу 1амалца, гонахьарчу 1аламца, шена дег1аца, дагца, ойланца стаг ц1ена хилар а ду. Оьздангалла, дуьххьалд1а, х1ора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю.

Стаг мел говза велахь а, мел дика велахь а,цуьнгара мел доккха хьуьнар даьллехь а, цунна т1ехь ду муьлхачу а кхечу стагана т1ехь долу декхарш, оьздангаллин бехкамаш. Имам Сайдаев Расул  -  Масала, нохчийн дахарера д1адаьлла, ала мегар ду, боьршачу стага коьртахь х1ума лелор. Ткъех шо хьалха цхьа жима стаг коьртахь х1ума йоцуш, эвлаюккъе стенна дуьйцу, шен к1ет1а а, хьешана дуьхьал а вер вацара. Иштта, наггахь бен нислуш дацара божарша коьртахь еха месаш лелор а. Тахана и г1иллакх цкъа а хила а ца хилча сана 1адаьлла. Бакъду, коьртахь х1ума йоцуш тезета-м ца боьлху нохчийн божарий.

х1инца а. 
Муьлххачу стеган г1иллакхашка хьаьжжина мах хадабо. И тидам беш, вай тидаме ца оьцу цуьнан хьалхалера дика г1уллакхаш, говзалла. И дерриге а дайдеш, дагадо цхьана осалчу х1умано. Бакъду, г1иллакхаш довзийтарх а ца тоьа, нагахь уьш лелош ца хилча. Вайн къомах волу наггахь стаг хир вац вайн г1иллакхех коьрта дерш ца девзаш. Амма уьш дахарехь лелор г1еллуш ду де дийне мел дели, царах цхьадерш д1адовлуш а ду. Амма уьш д1а ца довлийта, царна коьрта тидам т1ебохуьйтуш ву вайн республикин куьйгалхо Рамзан Ахматович Кадыров. Боккъал а, бусалба дин – маьждигаш дог1арца, зиярташ дендарца, хьуьжарш яхкарца – даржорехь боккха болх бу .Иштта вайнехан хазачу г1иллакхийн а, 1адатийн а, нохчийн меттан сий до вайн Паччахьа. Цундела, массо а кегийрхойн ц1арах Рамзанна а, цуьнан тешамечу накъосташна а Дела реза хила ала лаьа суна.  Дерзош, къаьсттина кегийрхошка, нохчийн мотт, г1иллакхаш, 1адаташ диц ца дар,шейн дайшца,наношца ларам хилар, церан пусар дар доьху ас! 

 

Автор: Гаибова Хеди Мирзаевна

Категория: Мои статьи | Добавил: Лайла (10.10.2013)
Просмотров: 3239 | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Код *:
г. Аргун© 2025 |